Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу. Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара. Ямарта волу стаг сан цІа чохь Іийр вац. Харцдерг дуьйцург сан бІаьргашна хьалха лаьттар вац. Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.
Выбор основного перевода