Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагІа элира: «Суна Нуб-гІалахь гира Ахьтубин кІант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кІант. Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира». Паччахьо Ахьтубин кІанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гІалара церан цІийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира. Шаула элира: «ЛадогІал соьга, Ахьтубин кІант». Вукхо жоп делира: «ЛадугІуш ву, сан эла». Шаула элира: «Хьой, Юшайн кІанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хІунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хІунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кІело яйта?» Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тІедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цІийнах болчара лоруш а ву. ХІинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тІехь сох а, сан цІийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хІунда аьлча цу доллучу хІуманах хьан лай волчу суна хІумма а ца хаьа». Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!» Шена уллохь лаьтташ болчу гІаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тІе куьг дахьа. ТІаккха паччахьо ДуагІе элира: «Ваха а гІой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагІа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра. Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ.
Выбор основного перевода