Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагІчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тІаьхьа бевллачарна. Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу. Везачу Элан цІенна уллохь доьгІна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара. Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гІа долуш а хуьлу. ТІаккха цуьнан цІа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дІадоьгІначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах. Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тІехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хІинца, доккхачу дарцан гІовгІанца, Аса цунна цІе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. Цуьнан зІийдагаш дІасаяьржар ю. Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла. Ливанунан баганан диттах йогІург санна, хаза хьожа йогІур ю цунах.
Выбор основного перевода