Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Іоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агІор дІабахара. «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Даудан назма. Веза Эла! Хьан хІусамехь Іан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тІехь ваха хьенан ю бакъо? ХІунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна. Сайн синан Іаткъам дІа а балхош, хІара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цІа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца. Цо, стигалара гІо а даийтина, со кІелхьарвоккхур ву, со лаца гІерташ берш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду. Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Іаш долу цІенош!
Выбор основного перевода