Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Харцлуьйраш хІаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цІий Іенош берш а, мекарлонаш лелораш а. Везачу Эло йо халкъашна тІехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цІена ма ду. Ахь нийса кхел йийр ю суна, бакъдерг Хьуна дика ма го. Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цІеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла.
Выбор основного перевода