Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн халкъ лам тІе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагІанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хІорда чуьра, хІордан йистошкахь йолчу гІамарна тІера». qac Бqac*илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцІеналла лар а е. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. ТІаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагІанашна, дийнаташ дагоран сагІанаш а тамехь хир ду Хьуна, тІаккха Хьан сагІа доккхучу кхерча тІе стерчий дохкур ду. Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг.
Выбор основного перевода