Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара сох лаьцна олу: «Делера кІелхьарвалар хир дац цунна». Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела. Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай, дІахазахьа сан дешнаш. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира, амма Веза Эла суна гІортор хилла дІахІоьттира. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. qac Сqac*оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хІунда аьлча со цхьа а ву, гІело хьоьгуш а ву. ЯхІудхойн паччахьан цІийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалІад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гІаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох.
Выбор основного перевода