Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“». ХІунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара. Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гІо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгІаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цІенна лерина долу». Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Дауда уьш цІеначу дагца Іалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
Выбор основного перевода