Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гІап санна Хьо хиларна, Хьайн цІеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тІехь урхалла а дехьа. Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена! Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хІумма а ца деш ма хилахьа, Дела. Со кошана уллохь болчу нахаца дІанисвелла. Со гІора доцу стаг хилла дІахІоьттина. Жоп лохьа суна хІинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
Выбор основного перевода