Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дІахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тІехІоьттича, Ахь гІо дора суна, хІинца а хилахьа соьца дика, сан доІанна жоп лохьа. Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цІа чу вер ву, гора а хІоьттина, Хьан дезачу цІа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву. Делан цІийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша. Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дІахазахьа сан доІанаш!»
Выбор основного перевода