Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІароне а, цуьнан кІенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта. Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегІах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерча тІебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цІера тІехь сагІа даккхархьама. Веллачун юххехь йолчу оцу гІалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогІи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тІехула а лоцуш. Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тІаккха Везачу Элан цІа чохь сайн тІейогІу хан чекхйоккхур ю ас. Ас сайн дагахь элира: «ТІаккха аса сайн дог цІандар а, сайн куьг цІена леладар а эрна хилла те?
Выбор основного перевода