Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Хьан цІе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна. Кхерамечу гІу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тІе сан когаш Цо дІахІиттийра, ас еш йолу сан гІулчаш Цо чІагІйира. Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу, дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду.
Выбор основного перевода