Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Сан деган кІоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса. Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо.
Выбор основного перевода