Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тІехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тІехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хІара санна сийлахь гІуллакх, я хезний те хІара санна дерг? ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дІаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта». Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тІаьхьало ю. Иштта гІуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кІелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?
Выбор основного перевода