Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тІедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дІакховдош дерш санна? Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тІаьхьало ю. Цо Якъубан тІаьхьенна бакъонаш дІахІиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дІабелира. Тхан дайшна тІедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дІадовзийтар. Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна. Шен гІуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана. «Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дІаделла долу парзаш а, тІедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама. Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна. Иза массо а агІор гІолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Іалашдан делла хилар ду.
Выбор основного перевода