Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас, хьуна хьалхара халкъаш дІа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тІе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогІуш волчу хенахь. Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш, дерстина Іахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара. Ас шуна уггар дика кІа даор дара, тархах даьккхина моз а лур дара шуна». Цуьнан сурсаташ Ас чІогІа декъалдийр ду, цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу. ЦІастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цІаста а, тІулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тІехьожург. Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тІехь, дохор а, хІаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КІелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.
Выбор основного перевода