Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна, церан мостагІий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хІара-м’“. Цо хІилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту. Дегнаш курадовларна къечарна тІаьхьабовлу Іесанаш. Шайна дагадаьхкинчу хІилланаша дІалоцийла уьш. Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна: «ХІара дара-кх оха лоьххург», – аьлла. Ма олийла-кх цара: «ХІара-м оха дІакхаьллира». qac Цqac*у суьрте хьоьжуш волу Іесаниг оьгІазгІур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Іесачеран лаамаш хІаллакьхир бу.
Выбор основного перевода