Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан когаша иза бойнна тІе вуьгуш ву, бойнан машшаш тІехула иза воьдуш ву. Цуьнан кІажа гуро дІалоцуш бу, кІелоно иза схьахоьцуш а вац. Къайлаха речІанаш цунна лаьттахь йоьгІна ю, цуьнан некъаш тІе доьгІна гураш а ду. Къайлаха дІахІоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хІунда аьлча Хьо ю сан чІагІо. Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна. Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чІагІбо. «Иза-м хьанна гур бара?» – бохуш, шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо. Суна йоьгІначу речІанех а, харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со. Со аьтту агІор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тІетевжийла дІаяьлла, сан синан гІайгІа беш цхьа а вац. Тийжарш хезийла церан цІенош чуьра, Ахьа цІеххьана уьш болчу мостагІий балийча, хІунда аьлча цара суна кІело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна.
Выбор основного перевода