Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан матто хІаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг! Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Церан дІовш лаьхьанан дІовш санна ду. Иза шен лергаш дІакъовлуш болчу, къорачу лаьхьанан дІовш санна ду. Церан къамкъаргаш дІаделладелла $кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дІовш ду церан багахь. Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу.
Выбор основного перевода