Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хІорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира. ХІордашна тІехь дуьне ДІахІоттийнарг а, хишна тІехь иза ЧІагІдинарг а Веза Эла ву. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
Выбор основного перевода