Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХІайман, Ядутун, кхиболу, хІораннан а цІе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хІунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дІахІиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тІехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!» Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу! Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.
Выбор основного перевода