Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хан яьллачул тІаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бІо Мисарара арабелира. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хІара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХІара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, ПирІуно халкъ дІахецча, Дала пІелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тІом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш».
Выбор основного перевода