Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зударий а, бераш а гина, Іесава хаьттира: «ХІорш муьлш бу хьоьца берш?» Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш». Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХІара латта хьан тІаьхьенна гуттаренна а дІалур ду Ас“. Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана. Амма Ас шун да ИбрахІим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаІан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тІаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира, Исхьакхана Якъуб а, Іесав а велира. Іесавана СеІир-лам белира тІаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кІентий а Мисар-махка дІабахара. ХІара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш.
Выбор основного перевода