Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара. Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дІавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара. Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гІайгІанца мер ду, хІунда аьлча церан махкахь дерриг а хІума дІадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела. ШамІа-Кипас элира цаьрга: «Со чІерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догІу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хІумма а ца лецира.
Выбор основного перевода