Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чІагІйира. Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг. Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агІонгахь долу ІиндагІ ду. Іесачу стеган цІа дакъазадер ду, ткъа догцІена болчийн хІусамаша заза доккхур ду. Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду. Аса хІу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хІу хьалакхиийнарг Дела ву.
Выбор основного перевода