Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь дуккха а сагІанаш дехира цара. Массо а стаг чІогІа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву». Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бІаьрхиш а дІадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгІат дийр ду, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш мостагІийн лаьттара юхадоьрзур ду. Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду. Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тІаьхьара а догІа даре. Иштта шу а чІогІа собаре хилалаш, шайн дегнаш чІагІделаш, хІунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.
Выбор основного перевода