Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Исраилан халкъана кІелхьардовлар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Дала юхаметтахІоттийча, Якъубан халкъан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттийна Ахьа. Цу дийнахь ЯхІуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гІала чІогІа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чІагІонаш санна а, Везачу Эло тхуна кІелхьардовлар ло. тІаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тІаьхье дІатоттур яра, иштта ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тІаьхьенашна тІехь паччахьалла дан Даудан тІаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахІоттор бу, царах къинхетам а бийр бу». Хьуна а, ЯхІудан халкъ, таІзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича, «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахІоттор ю ЯхІуд а, Ярушалайм а. Кипа маликана тІаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хІоьттинарг цхьа сурт ду.
Выбор основного перевода