Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хІинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“.
Выбор основного перевода