Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина! Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина. Массо а хІуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду! ГІо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу. Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугІуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цІарах тешна Іаш а хуьлийла, шен Далла тІетевжаш а хуьлийла. (Аша, наха, иштта дІаала цаьрга: «Цу цІуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тІера а, стигалшна бухара а дІаяьхна хир ю».) Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?»
Выбор основного перевода