Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна: «ХІара дара-кх оха лоьххург», – аьлла. Ма олийла-кх цара: «ХІара-м оха дІакхаьллира». Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагІаша эккхийна лелош ву со, хІора дийнахь тІелеташ, цара ницкъ бо суна. Цо, стигалара гІо а даийтина, со кІелхьарвоккхур ву, со лаца гІерташ берш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду. Эхарто дийна берш дІакхалларе терра, кошо могуш берш хІаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дІакхоллур бу уьш. «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дІа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегІа санна дІахІиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дІа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дІакхоьссира.
Выбор основного перевода