Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Везачу Эло суна гІо ца динехь, кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, – дІаолийла Исраилан халкъо. – ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода