Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Цара Везачу Элана баркаллин сагІанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гІуллакхех лаьцна дІа а дуьйцийла. Со кІелхьарваьлла хилар дага а лоцуш, Ас чагІаран кад хьалаойур бу, доІанца со Везачу Эле кхойкхур а ву. Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.
Выбор основного перевода