Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бІаьргашна дуьхьалара Ахь со дІаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дІахезира сан доІанан аз, Хьайга со дІакхайкхича. КІезиг берш доІу са бен бац. ЦІеяхна берш хІумма а доцург бен бац. Терзанна тІедехкича, церан барам бац. Уьш доІучу синан барамехь бен дац. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
Выбор основного перевода