Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу. Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агІор волчу стагана тІе диллахьа, Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кІантана тІе диллахьа Хьайн куьг. Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цІарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг?
Выбор основного перевода