Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар, цундела Ахьа цуьнца барт а бира. КанаІанхойн, хьетахойн, эмархойн, перезахойн, явсайхойн, гІиргІашахойн хилла долу латта дІалур ду элира Ахьа цуьнан тІаьхьенна. Хьайн ваІда Ахь кхочуш а дира, Хьо тешаме волу дела. Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцІеначунна Цуьнан юьхь гур ю. Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугІура. Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира, ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. qac Хqac*ьо массо а некъаш тІехь нийса ву, Веза Эла, массо а гІуллакхаш тІехь безаме а ву. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? ТІаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна.
Выбор основного перевода