Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хІунда аьлча тхан гІора дІадаьлла. Боданера сан са арадаккхахьа, Хьайн цІе соьга язъяйта. Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу, Ахь Хьайн дика болх суна бина дела. Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш.
Выбор основного перевода