Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Іесачеран ницкъ Цо дІабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чІагІбийр бу. Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу. Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана.
Выбор основного перевода