Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Шега кхайкхар дІа а хезна, сан доІанна жоп лур ду Везачу Эло. Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цІена лелаш болчарах. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кІантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь. кура бІаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цІий Іенош долу куьйгаш а, Везачу Элана дегаза хета хІора ша лакхара хетарг – шеко йоцуш таІзар даза буьсур бац уьш. Адам сийсаздоккхуш долу бІаьргаш а, кура дог а – Іесачу нехан дахарехь къилахь хІума ду.
Выбор основного перевода