Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда ша мел деш долу гІуллакх кхиамца дора, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара. Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. Дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цІена лелаш болчарах. Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь.
Выбор основного перевода