Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Эццахь ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе хІара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тІе. Иза ялта цІандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. Ялта цІандаллал тІех чІогІа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХІинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!» Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю.
Выбор основного перевода