Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кІентий го Цунна. qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. Стигалшкахь дІахІоттийна Везачу Эло Шен олаллин гІант. Олалла до Цо доллучу хІуманна а тІехь. Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. „Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа?
Выбор основного перевода