Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! Ас сайн ненан хІусаме вуьгур вара хьо, цигахь ахь суна хьоьхур дара. Ткъа ас хьуна мерза чагІар а, наран мутта а малор дара. Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КІанта шайна лур болу кхача лаха, хІунда аьлча Дала Шен мухІар таІорца тоьшалла до Цунах». Со дахаран бепиг ду. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна.
Выбор основного перевода