Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац. Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош. Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама. Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а. Іийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цІа дийриг ша дечу цІийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара. ХІунда аьлча муьлхха а цІа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву. Делан дерриге а цІийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо. Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь.
Выбор основного перевода