Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Парушхой а, садукъой а баьхкира Іийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. Іийсас цаьрга элира: «Малх дІабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хІоттам хир бу, стигал цІийелла йолу дела“. Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хІунда аьлча стигал цІарула-цІен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. Боьхачу а, телхинчу а тІаьхьено тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Іийса дІавахара. Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тІаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хІунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». Іийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТІаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
Выбор основного перевода