Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн хьекъалаллех тешна ма Іе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бІаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама. Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул. Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн! Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш.
Выбор основного перевода