Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?» лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду, Нуьцкъалчун Іаьнаро цунна кхетам ло. Цунна чохь къайлаяьккхина ю кІоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Выбор основного перевода