Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо. «Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Іесачарна озабезам а беш? Іесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хІума а Везачу Элана дегаза хета. Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац.
Выбор основного перевода