Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КІелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо! Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Холчу хІоьттинчу дийнахь дІахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цІаро. со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагІашна дуьхьал онда бІов санна а Хьо волу дела. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чІогІа маршо ло, стеган берашна иза дІалечкъийла хир ю. Адамех кхерар – стагана хІоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг кІелхьарвоккхур ву.
Выбор основного перевода