Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тІе зулам догІур ду. ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу. Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай. Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неІалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий.
Выбор основного перевода