Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“». Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Мекара хІилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела. Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош. шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хІуманна тІебовда кийча болу когаш а, Мотт а цІе ю. Иза дегІан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегІ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цІарах хьалалеташ бу иза.
Выбор основного перевода